ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

SpaceX-ан хьалхара космосан турист хир ву Японера миллиардер


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Японера миллиардер Маэдзава Юсаку хир ву, SpaceX-ан ракетана тIехь Баттана го тосур болу хьалхара турист. Цунах лаьцна твиттерехь хаам бина цу долахь йолчу космосан компанино. Маэдзава ву куьйга дехкина сурташ а, кхин йолу а исбаьхьалла гулъярхо.

Big Falcon Rocket ракетана тIехь иза космосе гIур ву 2023-чу шарахь. КIиранах хир йолчу экспедицехь ракета улле гIур ю Баттана 200 гергга чакхарма. Цул тIаьхьа иза юхайирзина охьахуур ю Лаьтта тIе.

Маэдзавас дIахьедар дина, шеца экспедице кхойкхур ву ша 6-8 дерриг а дуьнентIера исбаьхьаллехь къахьоьгу стаг аьлла. Церан цIераш цо ца яьхна.

Маск Илонан SpaceX компанино ца дуьйцу мел ахча делла Японерчу миллиардера Баттана го тосург.

Космос талларан исторехь 24 стаг хилла Баттана тIехь. 1972-чу шарахь "Apollo--17" миссин астронавташ хиллачул тIаьхьа, цу тIехь хилла вац цхьа а стаг.

Долахь йолчу SpaceX космосан компанино Баттана тIе туристаш бахийтаран программа дIакхайкхийнера 2017-чу шеран Чиллан-баттахь. Баттана го таса уьш бахийтар хила дезаш дара 2018-чу шарахь, делахь а и гIуллакх тIаьхьатеттира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG