Оьрсийчоьнан тIеман министралло хаам баржийна, шен ницкъашна эшам хилла, 14 эскархо чохь волу Ил-20 кема дайна Дуьненаюкъарчу хIорда тIехула доьдучу сахьтехь, аьлла.
Урхалло бахарехь, оьршоьтан буса, Шемарчу Латакина тIелеташ Израилан кеманаш а долуш, нисбелла и бохам.
"Оццу хенахь Оьрсийчоьнан локаторшна хааделла хи тIехь лаьттачу Францин "Оверн" хIордакемано ракета хоьцуш", аьлла баржийна ТАСС агенталло, министраллерчу хаамна тIе а тевжаш.
Израилах дерг аьлча, цо цкъачунна комментари ца еш дуьту Шойгун хьукмато даржийнарг.
Оцу юкъанна CNN телеканало хазийна Iамеркан Штатийн Iедалан векалша бохург: Ил-20, гIалат а бевлла, чудожийна Асадан ницкъаша. Кхечу хьостано чIагIдарехь, кеманна динчу тохарна тIехьа лаьтта Израил.
Телеканало дийцарехь, дуьненаюкъарчу радиолестамашкахула орца кхайкхийна хилла кема дарах лаьцна. И кхайкхийнарг ю, гарехь, Оьрсийчоьнан дехарца, Асадан агIо, боху CNN-нан хьостанаша.
Пентагоно дIахьедина, Шемахь динчу тохаршна Цхьанатоьхна Штаташ декъахь яц, аьлла.