ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра 1400 стаг шайн махка ца витина Израилан Iедалша


Израил, Тел-Авив, аэропорт.
Израил, Тел-Авив, аэропорт.

Израилан Iедалша шайн махка чу ца витина Оьрсийчоьнан 1400 махкахо. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло, Тел-Авиверчу Оьрсийчоьнан векалаллан белхахочунна тIе а тевжаш.

Цо дийцарехь, Москох реза яц жуьгташа далочу бахьанашна. Бинчу хаамца, Израилан дозанхоша пусар доцуш лелабо шаьш чу ца буьту Оьрсийчоьнан бахархой. Туристаш латкъамаш беш хуьлу, чу ца битар сов масийтта дийнахь лецна латтийна шаьш бохуш.

Жуьгтийн «ХIаарец» газето яздо, и проблема кхин а кIаргйелла бохуш. Израилан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло далийначу терахьашца, 2018-чу шеран 6 баттахь цу махка ца витина 2 200 гергга Оьрсийчоьнан махкахо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG