Нохчийчохь бехктакхаман гIуллакх долийна 7 шо долу кIант вийначу стагана дуьхьал. Бохам хиллера Нажи-Юьртарчу Беной-Веданахь. Цигахь 36 шо долчу меттигерчу вахархочо шозза урс тоьхнера кIантана. Хиллачу чевнех иза велла цу меттехь.
Прокуратуро бинчу талламца гучудаьлларг ду, зуламхочо жимачу кIантана тIелатар дина хилар цуьнан дега цабезам хилар бахьана долуш. Бер дийна стаг лаьцна ву.