ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Маьттазчу кепехь лела дагахь вац со"


Нохчийн модел, актер Махаев Мохьмад
Нохчийн модел, актер Махаев Мохьмад

Подиумах, кинох, маьрша къастамбан хIораннан а бакъо хиларх дуьйцу модело, актеро Махаев Мохьмада

2013-чу шарахь Москох дIа а вахана, шоу-бизнес юкъа вахара Махаев Мохьмад.

"Камерана хьалха дуьххьара со нисвелча, кхийтира со, хIара сайн болх буйла", - дуьйцу кIанта.

Баккхийчу гайтамашкахь а, масех сериалашкахь а дакъалаьцначул тIаьхьа, Норвеги дехьавелира Мохьмад, Европа караерзо.

"Кавказ.Реалии" порталан корреспондентца хиллачу интервьюхь Махаевс дийцира, хIунда ца лиира шена хадархочун болхбан, муха кхийтира ша кино а, подиум а шена оьшург хиларх.

- Мохьмад, дийцахьа хьо Москох кхачарх а, дуьххьара стенна тIера доладелира шоу-бизнесехь хьан дахар?

- Со Москох дIавахара 2013-чу шарахь, юхьанца хадархойн агенталлехь вара со, дуккха а сан махкахой а санна. Юха цигара балхара дIа а ваьлла, супермаркетан администратор хIоьттира со. Цигахь а дукха вах ца велира со – "Классикан костюман пхьалгIа" аьллачу шоу-руман куьйгалле кхечира со.

Модел Махаев Мохьмад
Модел Махаев Мохьмад

Белхан къоьлла а ца ловшшехь, адамашца юкъаметтигаш а дика нислушшехь, сингаттамехь хуьлура со даим а.

Суна езарг маршо яра. Айса зовкх хьоьгу долу, сайна томехь болх лоьхура ас. Сайн къона шераш цхьана стагна вецаш дIадахьа деза аьлла, ойла йича, садукълора сан. Дийнахь а, буса а ишта ваца а вецаш, къена къанвелча декъаза пенси хир дар-кх хене вала бохуш, къахьегар – цхьаьннан лоллахь валлар санна хета суна. Суна ца лаьара ишта ваха, я сайна хIун лаьа хууш а вацара со.

- Эххара а муха кхечира хьо кино?

- Кино чохь дакъалаца кхойкхуш ларамза информаци гира суна цхьана дийнахь интернтечохь.

Цу юкъа вахара со, хIун ду хьажархьама. ХIетахь 12 сахьтехь болх бича 500 сом лора суна. Хьуна ма хаъара, Москох Iен а, ваха а и кIезиг ахча ду, цундела хене вуьйлура со. ХIетахь безам бахара сан камере.

Оцу процессо Iехийра со, тIаккха кастингашка лела велира со. Iаламат хала дара суна, сайх лаьцна цигахь хIун дийца деза а ца хаьара. Ца кхетара, дахарехь цхьана тIегIане суо кхочур ву я вац а, дипломаш дацара сан, исс класс бен яьккхинарг а яцара...

- 11 класс мукъна а хIунда ца яьккхира ахь?

- Суна ца езара школа, массо а берашна а санна. Цхьа таIзар дар-кх суна и школа. Суна тIехь терго латто аьтто бацара сан ден а, ненан а, хIунда аьлча, сан 3 шо кхаьчча, дIасакъаьстинера уьш. Шен гергара нах болчу Казахстане дIаяхара нана, даим а балхахь хуьлура да, кест-кеста кхечу гIаланашка а хьежавора иза. Сайн дененаца а, дейишица а, девешица а хьалакхиина со.

Цхьана юкъахь Нохчийчохь йохка-эцар лелийра ас, туьканашка кхача-сурсаташ дIасакхоьхьуш. Доларчу хадархойн агенталлехь дийшира ас, 6-чу даржан лицензи а елира суна.

- Хьан наха муха тIеийцира хьан керла болх?

- Дуьххьара со модел санна болх бан а волавелла, кинош чохь эпизодашкахь ролаш ловзо ваьлча, бунт айинера цара (воьлу). Цхьа хан ийшира суна, уьш берта балон а, совнах хIума айса лелор доцийла царна дIахаийта а.

Чухула духучу духарца я маьттазчу кепашкахь лела дагахь вац со. Модан цIийнехь ца хоьтту, хьо мича къомах, динах ву, церан бала бац хьан ламасташца а, гIиллакъашца а. Цара бедарш юхку. Хьо кхойкху, ткъа ахь жоп ло хьайн хеттачу кепехь. Лаахь а, ца лаахь а бохуш, бертаза хIуммаъ а ца дойту хьоьга. Со кхиийначу гIиллакхийн гурашкахь доцург тIе ца лоцу ас.

Массо а хIуманца гармони хила еза - хьайца а, хьайн динца а, синбахамаллица а, балхаца а. ТIаккха там хуьлу хьуна айхьа лелочух, ирсе а хуьлу хьо тIаккха.

- Хьуна ма хаъара, массо а реза хир вац ахь хаьржинчу некъана…

- ХIора стаг Iоттало критикех. Даим а цхьаъ волу, хьуна бехкбуьллуш, хьуна тIулг ластош.

Социалан машанашкахь гучубуьйлу цу кепара нах, со аьшнаш ван гIерташ, амма ас тергамза буьту уьш. Вуьшта реалехь цхьа а тIевеана вац суна, я "хIе, ахь лелориг суна ца тов" аьлла меттиг а бац.

Нохчийн модел, актер Махаев Мохьмад
Нохчийн модел, актер Махаев Мохьмад

Хадархочун болх сан даго тIеоьцуш бацара, цундела и дIа а тесна, ас сайна товриг лехна. Нагахь ишта перспектива хьуна товш елахь, хIунда мегаш дац и тIеэца?! Бехьа хьайн болх, вахахьа хьайна ма хетта, амма ма ехьа новкъарло кхечарна.

- Дуьненахь гоьевллачу муьлхачу брендашца болх бан аьтто хилла хьан?

- Доккхачу декъанна, CPM-ца. Оьрсийчохь шоза хIоттош, уггар а баккхийчех дуьненаюкъара модан гайтам бу иза.

Mercedes-Benz Fashion Week-но гойтучу модехь а дакъалаьцна ас Москох. Рекламашкахь а хилла со. Кино чохь васт гайтинчул а тIаьхьа веана со подиуме.

Конкурсехь гайта кечъечу филмашкахь хилла со, масала, Оьрсийчоьнан 1-чу каналехь гойтучу режиссеран Сенцов Сергейн "Гостиница Россия" сериалехь вара со. Шуьйрра со гайтархьама юьззинчу кинохь рол ловзо лаам бу сан.

- Ахь схьадийцарехь, Москох гIуллакхаш ледара ца хилла хьан. Норвеги дIа хIунда вахара хьо?

- Малхбузерчу агенталлийн бIаьрг тIехIуттур бац-те бохуш, эрна Оьрсийчохь хан дIаяхийта ца лиира суна. Европан платформе вала лаьа суна. Москохарчу бомодна модан гайтамаш хIиттор – ша гайта таро хилар ду, дуккха пафос ю цигахь, ма дарра аьлча. Модаца цхьанне а бала бац. Самукъадаккха гулбалар ду царна коьртаниг. Ткъа кинох лаьцна массарна а ишта а хууш ду – Оьрсийчохь киноца кризис ю.

Ас дикка ойла йина, суо къона волччуьра Европехь сайга хIун дало хьажа веза со.

Боккха дагахьбаллам буьссур бара суна, нагахь со кхуза сехьа ца ваьллехь. Сайн кхузахь аьтто ца хилахь а, хIун дер, ас сайн ницкъ мел берг дир-кх аьлла хир ю сан ойла. Со-м кхеташ ву, юьхь хала хьулу, амма со оцу халонех ца кхоьру.

Сайн дахар хийца лаам хиларо а, керлачу Iалашонаша а ницкъ ло суна, дуьхьалонаш эша а еш, кханене ваха. Европехь яккхий таронаш ю.

- ТIаьххьара кхи цхьа хаттар а ду сан хоьга. Кеп-кепарчу къамелашкахь луш ду и хаттар: цхьа 10 шо даьлча хьо мила хир ву аьлла хета хьуна?

- Ас цкъа а ца хIиттина хиндолчух планаш. Сайн ма хуьллу лакхене гIертар ву со, кегийчу гIулчашца водахь а.

Коьртаниг, суна карийна сайн некъ. Самукъадолу сан филмаш чохь ловзуш а, подиуме вуьйлуш а. Оцу дерригенца а ларон хьожур ву со.

Цкъа хьалха, катоьхна керлачу меттехь дIатарвала везаш ву со, мотт а Iамийна, Европано сайна йоьллучу таронех пайдаэца беза ас. Цул тIаьхьа хуур ду-кх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG