ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхо стаг вийна Нохчийчохь


Кхо стаг вийна Нохчийчохь ТIехьа-Мартанан кIоштахь. Iедалша уьш тIемалой хила мегаш бара боху.

Инцидент хилла ГIалгIайчоьнан дозанца. "Силовики" цIе йолчу телеграм-канало бинчу хаамца, Росгвардин эскархоша герз диттина вийнарг ву ГIебартойн-Балкхаройчуьра Хаджиев Анатолий а, ГIалгIайчуьра Алероев Мовсар а, Хантийн-Мансийскера Кочкаров Османджон а.

Цу нахехь герз хилла я ца хилла дуьйцуш дац. Шайна юкъахь дараш дац аьлла, хаам бина ницкъаллин структурийн белхахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG