ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ил-20 чудаийтарна жоьпалла Израилна тIедиллина Оьрсийчоьно


 Ил-20.
Ил-20.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло Израил бехке йина Дуьненаюкъарчу хIорда тIехула доьду Ил-20 олу шайн кема чудаийтарна. Цу тIехь хилла 15 эскархо велла.

Оьрсийчоьнан тIеман министраллан векло инарло-майора Конашенков Игора дIахьедар дина, хилларг "Израилан пилоташ леррина йина провокаци ю аьлла. Инарло дийцарехь, цара кIелтесна Оьрсийчоьнан кема Шеман ракетийн системашна, шаьш Шеман территорина тохарш дан дохка аьлла шайга хаам а ца бина.

Оьрсийчоьнан Ил-20, гIалат а даьлла, ракета тоьхна чудаийтина Шеман тIеман хIаваан ницкъаша. Иза хилла Израилан авиацино Латакия провинцехь тохарш дарна дуьхьало еш. Хилларг бахьана долу шаьш саготта хилар хаийтина Кремло.

Израило шена тIе ца лаьцна бехк. Израилан армино Оьрсийчоьнан кема дохорна жоьпалла тIедиллина Шеман президентана Асад Башарна а, ГIажарийчоьнна а, "ХIезболлахI" тобанна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG