ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Чеченнефтехимпром» Нохчийчоьнан долаяьккхина президенто Путина


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира указ арахецна Нохчийн Республикана ОАО «Чеченнефтехимпроман» 100 процент акцеш дIаялар хьокъехь. ХIинццалц иза федералан долара мехкадаьттан компани лорyш яра.

«Чеченнефтехимпром» Нохчийчоьнна схьалахьара аьлла, Путине дехар динера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2015-чу шарахь.

Оьрсийчоьнан президентан указ болх бан доладелла Гезгмашин-беттан 18-чу дийнпхь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG