ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киевехь лаьцна Нохчийчоьнан Украинехь хиллачу векалан кIант - СБУ


Украинин къоман полицино Киевехь лаьцна Оьрсийчоьнан вахархо, дийцарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна юххера стаг. Украинин кхерамазаллин сервисерчу хьастано (СБУ) бинчу хаамца, иза ву Нохчийчоьнан Украинехь хиллачу векалан кIант Цицулаев Адам.

Украинин ницкъаллин структурийн белхахоша чIагIдарехь, цара Цицулаев лаьцна, цхьаъ айкхвалар бахьана долуш. Полице хаам бина хилла йцхьаммо телефонехула наркотикаш дIасакхоьхьуш хила мегачу машенах лаьцна.

И машен сацийна полисхоша. Цу чохь, Цицулаев воцург, кхин а ши жима стаг хилла, 24 а, 22 а шераш долу. Церах цхьаъ хиина Iачу метта кIеллахь карийна чохь кIайн хIур болу телатан тоьрмиг. И хIур экспертизе хьажийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG