ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доллар а, евро а дайдала доладелла соьмаца дуьстича


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Москох биржехь хиллачу валюта дохкарехь соьман курс хьалаяьлла долларца а, евроца а юьстича. Iамеркан валютан мах охьабаьлла 67 соьмал а. Цу тайпаниг хилла дацара дIабаханчу Марсхьокху-беттан 27-чохь дуьйна. ХIинца цхьана долларх ло 66,99 сом.

Еврон мах бу 78,26 сом. ТIаьхьарчу цхьана дийнахь иза дайделла 32 кепекана.

Оццу хенахь мехкадаьтта дазделла 0,25%. Лахьан-баттахь оьцур долчу Brent тайпачу мехкадаьттан мах бу цхьана черманах до 79,23 доллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG