ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДуьнентIехь цIеххьана лахделла терактийн терахь


2017-чу шарахь кху дуьнентIехь цIеххьана лахделла теракташ яр. Коьрта бахьана ду Иракъера йоккха территори шен Iуналлехь латтош хилла "Исламан пачхьалкх" тоба эшор. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Iамеркин Пачхьалкхан департаменто арахецначу дIахьедарехь.

Iамеркерчу говзанчаша далочу терахьашца, стохка кху дуьнентIехь хилла 8584 теракт. И терахь 23 процентана лахара ду 2016-чу шарахь хиллачул а. Цу терроран тIелатаршкахь вийна 19 эзар стаг.

2017-чу шарахь теракташ хилла 100 гергга пачхьалкхехь. Царах дукхах ерш йина ОвхIанистанехь а, Иракъехь а, Индехь а, Пакистанехь а, Филлипинашкахь а. Царна юкъахь уггаре зе хилларг ю ОвхIанистан. Цигахь вийна 4672 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG