ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Котар-Юьрта бомбанаш еттарх лаьцна хаттарш хьажийна Оьрсийчоьне Европан кхело


Страсбургера кхел.

Европера адамийн бакъонашкахула йолу кхел (Страсбург) листа дагахь ю 2000-чу шарахь Нохчийчуьрчу Котар-Юьрта бомбанаш йиттина маьрша адамаш дайарца боьзна рогIера латкъам. Цунах лаьцна яздо "Кавказский узело".

Цуьнца доьзна цхьамогIа хаттарш хьажийна кхело Оьрсийчоьнан Iедалшка. 2019-чу шеран Дечкен-беттан 18-гIа де тIекхачале царна жоп дала дезаш ю Оьрсийчоь, хаам бина "Мемориало".

Котар-Юьрта бомбанаш йиттира Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша Чиллан-беттан 4-7-чу деношкахь. И бахьана долуш вийра лаххара а цу эвлара 46 вахархо. Цхьаболчу хаамашца, байинчеран терахь лаххара а шозза алсам ду. 100 сов котар-юьртахо чевнаш йина вара.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG