"Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан гIуллакх листар къевлинчу роже даьккхина еарин дийнахь Шеларчу кIоштан кхело. И сацам бина суьдхочо прокуроран дехарца.
Цуьнца цхьаьна, цхьамогIа полисхоша тоьшаллаш дина дов листар схьайиллинчу рожехь а долуш. Цу хенахь прокурор дуьхьал вацара.
Титиев лаьцна полицин белхахоша, цуьнан машенчохь наркотикаш карийна аьлла. Бакъонашларъярхочо уьш полисхоша тесна ю боху шена.
Дуьненаюкъарчу бакъонашларяън вовшахтохараллан тIедожорца дехар дина Iедалшка, Титиев маьршаваккха аьлла.