ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь ян йолийна гIишлош чекхъяха Кудрине гIо деха дагахь ву Кадыров


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дина, Оьрсийчоьнан Лараран чоьнан куьйгалхочуьнга Кудрин Алексейга дехар дан дагахь ву ша, республикехь ян йолийна гIишлош чекхъяха гIо дахьара аьлла. Цунах лаьцна Кадыровс яздина «ВКонтакте».

Кху деношкахь Кудрина куьйгалла дечу урхаллана кхачамбацарш карийнера, Къилбаседа Кавказехь гIишлош ярца боьзна. Кхечу республикашца цхьаьна йина ялаза гIилош ю бохуш, хьехош яра Нохчийчоь а.

Кадыровна хетарехь, цхьаьна къахьегча аьтто хир бара йина чекхйовлийта республикана мехала йолу социалан а, экономикан а объекташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG