ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доккха Нохчийчоьнан карта гучудер ду Соьлж-ГIалин юккъерчу майданахь


Соьлж-ГIалин юккъерчу майданахь кестта гучудер ду доккха Нохчийчоьнан карта. Бесара тIулг а буьллуш, иза дуьллур ду республикан коьрта гIала йиллина 200 шо кхарна хьажийна. Нохчийчоьнан доза билгалдаьккхина хир ду сира бесца, ткъа кIоштийн контурш хир ю Iаьржачу бесан.

Картана юккъехь боьмаша бесца гайтина хир ю Соьлж-ГIала. Цигахь лаьттш хир бу боккха некъан чиркх. Цунах лаьцна дийцинчу Соьлж-ГIалан архитекторо Зелимханов Абдулрешида билгалдаккхарехь, и арт-объект йилла дагадеанарг ву Кадыров Рамзан.

Карта а долуш, майда схьаеллар цхьа дакъа ду Соьлж-ГIалан 200 кхачар даздеш кечйинчу мероприятийн.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG