ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополан махкахь некъахьовзамехь вийна Нохчийчуьра вахархо


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийчуьра а, Ростохара а ши стаг вийна Ставрополан махкахь некъахьовзамехь. Бохам хилла тахана Iуьйранна 5 сахьт долуш Зеленокумск-Соломенское-Степное некъа тIехь. Lada Granta машенна хьалхахиинчуьнга дола ца дан делла цунна, дукха чехка хахкарна.

И бахьана долуш машен, некъах а яьлла, хаьрцина. Цунна урхалла деш хилла 45 шо долу Нохчийчуьра вахархо велла. Цуьнца машенахь хиллла Ростохара вахархо велла дарбанан хIусамехь. Башкортостанера волу шолгIа некъахо кIелхаьрваккха гIерташ бу лоьраш.

Некъан полицин векалша бинчу хаамца, некъахьовзам хуьулуш царах цхьа а доьхка дIатесна ца хилла. Машенлелорхо малар мелла ца хилар а билгалдоккху полицин белхахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG