ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лавров: Оьрсийчоь дерриг а деш ю, Iамерках а, долларах а йозуш ца хила


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей.
Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей.

Iамерках а, долларан системах а йозуш йоцуш хилар Iалашонца дериг а оьшуш дерг деш ю Оьрсийчоь, дIахьедар дина арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс. Цо дийцарехь, Iамеркин валюте болу тешам бовш бу, Вашингтоно керла санкцеш юкъайохуш а йолуш.

Дуьйцург ду кху деношкахь Iамерко лерринчу сервисашца а, тIеман комплексца а воьзна 33 стаг санкцийн листана юкъатохар. Еарин дийнахь Iамеркан Пачхьалкхан Департаменто дIахьедар дира и сацам бина хиларх лаьцна, Оьрсийчоьнан эскархоша а, лерринчу сервисаша а тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь зуламе хIуманаш лелорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG