ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Михайлов Стасан концерт хир яц Соьлж-ГIалахь


Соьлж-ГIала, "Колизей".
Соьлж-ГIала, "Колизей".

Оьрсийчуьрчу артистан Михайлов Стасан концерт хила езаш яра Соьлж-ГIаларчу "Колизейхь" кху беттан 24-чохь. Амма Инстаграмерчу цу гIишлонан официалан агIона тIехь хаам гучубаьлла, концерт хир яц аьлла. Цунах лаьцна яздо "Чечня сегодня" сайто.

Концерте билеташ эцначаьрга дехар дина иза вовшахтоха дагахь хиллачара, царах делла ахча схьаэца дуьйла аьлла.

Цхьана версица, Михайловн концерте хьажа лууш болу нах дукха кIезиг хилла Нохчийчохь, ткъа билеташ дохкалуш ца хилла. Артистан официалан сайта тIехь хаам бу, цуьнан рогIера концерт Майкопехь хир ю аьлла. Нохчийчохь концерт хиларх лаьцна дуьйцуш хIумма а дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG