ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьне бехдарца къийсам латторца доьзна низам тIеэцна Калифорнехь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Iамеркерчу Калифорнехь ресторанашкахь дихкина мутт луш цуьнца телатан биргIа ялар. Низам тIеэцна цу штатехь Дуьненан хIорд бехбарца къийсам дIабахьарца доьзна. Иза болх бан долалур ду 2019-чу шарахь Дечкен-беттан 1-чу дийнахь дуьйна.

Дехкар хьакхалуш дац карахь дIахьо кхача бухкучу ресторанех. Амма кхечу меттигашкахь телатан биргIачухула мутт мала луучуьнан дезар ду иза еха официанте. Низам дохорна гIуда тухур ду 300 доллар.

Экологаша далочу терахьашца, 2012-чу шарахь Дуьненерчу хIорда чохь IаьIнера 165 гергга миллион тонн нехаш.

2014-чу шарахь хIорда тIехула яра 268 940 тонн телатах йина нехаш. Ерриг а цу тайпачу нехийн терахь ду кху дуьнентIехь 5 триллион сов тонн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG