ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Панкисобан" метта дуьхьалонан акци дIаяьхьна ПIаьнгазахь


 ПIаьнгаза, Биркиани. 2018 шо. Архивера сурт.
ПIаьнгаза, Биркиани. 2018 шо. Архивера сурт.

ПIаьнказ чIожехь юкъахъяьккхина "Панкисоба" олу тIаьхьарчу хенахь хIора шарахь дIахьош йолу фестивал. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реаллиин корреспонденто.

Меттигера нохчий (кистой) реза ца хилла цу даздарехь дакъалаца. Уьш тIехIиттина Мачаликашвили Малхазана, шен кIант Темирлан вийначу нахана таIзар дар доьхуш пикет дIахьош волчу.

Мачаликашвили Темирлан вийра ПIаьнгазахь полицин операци дIахьош болчу гуьржийн ницкъаллин структурийн белхахоша 2017-чу шарахь.

"Панкисоба" даздеш Iедал дара хIора шарахь. Цу даздаран программехь хуьлу говраш хахкар а, фолклоран концерт а, нохчийн даарш кечдар а, кхин йолу а мероприятеш.

Кху шара дезаден метта ПIаьнгазара бахархоша акци дIаяьхьна Мачиликашвили Малхазана гIортор еш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG