ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчохь парадехь адамаш дайар шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкхо"


ГIажарийчоь -- Ахваз, 22Гезг2018
ГIажарийчоь -- Ахваз, 22Гезг2018

"Исламан пачхьалкх" олучу тобано шена тIелаьцна ГIажарийчохь тIеман парадехь дина тIелатар. Цунах лаьцна хаам бо Reuters агенталло. Цо билгалдоккху, тIемоша цхьа а тоьшалла далийна цахилар.

Терроран тIелатар дар шена тIелоцу ша аьлла хаам бинарг ю Iаьрбийн радикалан "Къоман дуьхьало" цIе йолу тоба.

ТIаьххьарчу хаамашца, Ахваз гIалахь тIеман парадехь герз диттина вийна 24 стаг. Царна юкъахь эскархой боцурш зударий а, бераш а ду. 60 гергга стаг чевнаш йина ву. ГIажарийчоьнан пачхьалкхан зорбанан гIирсаша яздарехь, тIелатар дина 4 стаг вийна.

Шот дийнахь тIеман парадаш хилира цу пачхьалкхехь масийтта гIалахь. Уьш хьажийна яра 1980-1988-чу шерашкахь хилла Иракъан а, ГIажарийчоьнан а тIом болабеллачу денна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG