ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнна тIехула зудчунна урс тоьхна стаг чувоьллина Сызранехь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Бохам хиллера Сызранехь. Керла шо тIекхачар даздеш сакъоьруш хиллера зуда а, цуьнан тIехьийза стаг а. Малар а молуш Iаш, къамел тIедаьлла хилла Нохчийчоьнна, хаам бо ktv-ray.ru сайто. Зудчо дикачу агIор бийца болийна шена бевзаш болу цу республикера бахархой. Амма стагана иза ца дезна.

Ша Нохчийчохь бина тIом бийца волавеллачу цо, "адам ден мел атта ду хаьий хьуна" аьлла, чоже урс тоьхна зудчунна. Чов а лаьцна араялаелла иза, амма цул тIаьхьа кхетамчура яьлла. Наха сихонца лоьраш кхайкхар бахьана долуш дийна йисина дархо.

Зуламхо лаьцнера полисхоша оццу дийнахь.

Ткъа хIинца, цу зудчо, ша кIинтIера яьлла хилар а хаийтина, таIзар луьра ца дар дехнехь а, 3 шо 4 бутт хан тоьхна кхело зуламхочунна колонехь дакхха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG