ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Фонтанкана" карийна кхин а маситта "тIеман таллам урхаллан белхахо"


Боширов Руслан а, Петров Александр а.

Британехь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна а дIаьвше тIелатар динчу шина стеган Петров Александран а, Боширов Русланан а махкал алаволучу паспортийн номерех тера номерш а йолуш паспорташ долу Оьрсийчоьнан кхин а маситта махкахо карийна "Фонтанка" зорбанан гIирсана. Цунах лаьцна яздо Марша Радион Оьрсийн сервисо.

Журналисташа бинчу хаамца, буьйцурш бу Крымский а, Андреев а, Потемкин а, Поляков а фамилеш йолу нах. Церан паспортийн номерш маситта терахьца бен кхин хийцаелла яц. Цул сов уьш массо а бехаш бу аьлла дIаязбина бу Москох Хорошевское шоссе урамехь, 76 Б цIа чох. Цу адресца ю Оьрсийчоьнан тIеман министраллан коьртачу штабан коьрта талламан урхаллан (ГРУ) штаб-хIусам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG