Британерчу боксёро Джошуа Энтонис эшийна Оьрсийчуьра Поветкин Александр, хаам бо ББС-но. И шиъ летира езачу йозаллан категорехь дуьненан чемпионан цIе къовсуш.
ВорхIалгIачу раундан 2-чу минотехь Джошуас буй тоьхна нокауте вахийтина Оьрсийчуьра боксер.
Цу кепара Джошуа цкъа а ца эшна шен карьерехь.