ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украино Оьрсийчоьне дIавелла Тумгоев латтош ву Белгородерчу талламан изоляторехь


Украинин инарлин прокуратурина хьалха къепедацарш а, полицин а, демонстрантийн а тасадаларш а хилира Тумгоев Оьрсийчоьне дIавалар бахьана долуш.
Украинин инарлин прокуратурина хьалха къепедацарш а, полицин а, демонстрантийн а тасадаларш а хилира Тумгоев Оьрсийчоьне дIавалар бахьана долуш.

Украинин инарлин прокуратуро Оьрсийчу экстрадици йина гIалгIа Тумгоев Тимур латтош ву Белгородан Федералан таIзарш кхочушдон сервисан (ФСИН) урхаллан номер 3 йолчу талламан изоляторехь (СИЗО). Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан инарлан прокуратуро, яздо Кавказ.Реалиино.

Украинин инарлин прокуратуре Шайх Мансуран цIарахчу батальонан дехарех цхьаъ дара Тумгоев латтош волу меттиг а, иза Оьрсийчохь мича хьолехь ву а къастор.

Украинин инарлин прокурор Луценко Юрий оцу батальонан куьйгалхочуьнца Чеберлоевский Муслимца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа инарлин прокуроран зорбанан секретаро Сарган Ларисас хаам бира, Украинин кхерамазаллан сервисца цхьаьна толлуш ду шаьш Тумгоевна экстрадици ярца доьзна хьелаш муха хилла бохург аьлла.

Украинин инарлин прокуратурина хьалха къепедацарш а, полицин а, демонстрантийн а тасадаларш а хилира Тумгоев Оьрсийчоьне дIавалар бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG