ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Словакино Оьрсийчоьне дIавеллачу Яндиевн арз толлур ду Интерполо


Яндиев Аслан

ООН-ан адамийн бакъонашкахула йолчу Комитето Оьрсийчоьне Яндиев Аслан дIавала кечамбар Словакин Iедалшка сацаде аьллашехь, шена экстрдици йина аьлла Интерполана тIехь терго латточу комиссига арз дина гIалгIачо. "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам, Яндиев Iалашвечаьрца уьйрашкахь йолчу Швецерчу Vayfond гIоьналлин организацино.

Яндиевна экстрадици яр Комиссино харц дахь, тIейогIучу заманахь иштаниг мехкашкара кхин ца дийла тарло – Адамийн бакъонийн Комитетан, я Европан кхелан сацамо цхьана пачхьалкхан карвала мегар дац аьллехь, шена тIехьерчочу бехках мукхавоккхуш хила веза стаг.

Товбеца-баттахь Маршо Радионо яздира, Федералан кхерамазаллин сервисо дIавоьхуш хилла ГIалгIайчоьнан вахархо Яндиев Аслан Словакин Iедалша Оьрсийчоьне дIаваларх.

ФСБ-но бинчу хаамца, Яндиевна бехке дуьллу 2006-чу шарахь Буру-гIалахь, 4 стаг а вуьйш, терроран тIелатарш дар. ФСБ-но чIагIдо иза Басаев Шемилан тобанан декъашхо хилла бохуш.

Яндиевс шена дохку бехкаш тIе ца дуьту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG