ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевн кхеле ца буьту юкъаралхой а, журналисташ а


Титиев Аюб
Титиев Аюб

Бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан кхел прокуроран дехарца къевлинчу неIаршкахь дIаяхьа сацамбина, цу кхелехь тешаш санна лебенболчу полисхойн кхерамзалла ларъярхьама. Дахначу кхаарин, пIераскан деношкахь къевлинчу неIаршкахь барт хаьттира Титиевн гIуллакхан хьокъехь кхаа полисхочуьнга.

"Мемориал" организацино абсурде лерина кхел къевлинчу неIаршкахь д{ахьош, суьдхоша тIеэцна сацам. Эксперташа даредарца, йиллинчу неIаршкхаь хIинцале а хеттарш дина кхелахоша Титиевн бехк тIечIагIбинчу 57 теше, ткъа царех дукхахберш полисхойн декъехь болх беш бу тахана а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG