ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов шен кIанта эшор ву аьлла МакГрегор Тонис


МакГрегор Конор а, Нурмагомедов Хьабиб а пресс-конференцехь
МакГрегор Конор а, Нурмагомедов Хьабиб а пресс-конференцехь

Оьрсийчоьнан UFC-н латархо Нурмагомедов Хьабиб хьалхарчу раундехь эшор ву шен кIанта МакГрегор Конора аьлла, дIахьедина цуьнан дас МакГрегор Тонис.

"Иза дуьйцийла йоццуш бакъдерг ду. Кхечу агIор хуьлийла а дац. ШолгIачу раунде вер вац Нурмагомедов", - аьлла "Рен ТВ" телеканална еллачу интервьюхь латархочун дас.

Журналистца Хельвани Ариэлца хиллачу онлайн-шоухь МакГрегора- воккхачо дIахаийтина, шен кIантаца "я сихаллица, я нийсаллица, я нуьцкъаллаца вустийла дац" Нурмагомедов аьлла.

"Конора цуьнан туьта кагйийр ю аьлла хета суна", - аьлла МакГрегор Тонис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG