ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра кхерамаш туьйсу МакГрегор Конорна


Ийначу латаршкарчу Ирландерчу спортхочунна МакГрегор Конорна кхерамаш туьйсуш видеокхайкхам Iорабаьккхина Нохчийчуьрчу латархочо Халиев Хьусайна. Нохчийн спортхочо дIахьедина, Нурмагомедов сийсазвеш цуьнга мел аьллачу дашах жоп дала дезар ду аьлла.

КарабогIучу баттахь Нурмагомедовн а, МакГрегоран а хиндолчу латарх дуьйцуш яхначу пIераскан буса пресс-конференци дIаяьхьира.

"Даьсса къамелаш дан хьо говза ву, Конор. Пресс-конференцига хьажча хиира суна и. И къамелаш могуьйту хьуна Ирландехь, Iамеркахь, кхин а цхьаццанхьа а. Делахь а, Нохчийчоьнах, я Кавказах хьо вистхилале ахь ойла ян еза цкъа хьалха, хIун мегар ду дийца, хIун мегар дац. Айхьа дийцинчух жоп дала дезар ду хьан я ринг тIехь, я цул арахьа", - дIахьедо Халиевс. Доьзалан сийдайар ца дуьту нохчаша аьлла латархочо.

"Цундела айхьа дийцинчунна дохко а вале, катоххий хьайна гечдар деха", хьоьху Халиевс МакГрегорна.

Нурмагомедов Хьабибан а, МакГрегор Конора а хиллачу пресс-конференцехь масийттазза сийсазвира Хьабиб ирландхочо. Нохчийчоьнан куьйгалхо диктатор ву а аьллера цо.

КарабогIучу беттан 6-чохь Лас-Вегасехь летар ву Нурмагомедов а, МакГрегор а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG