ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Золотовна жоп дала аьтто бац Навальныйн, юха а лаьцна иза


Оппозиционер Навальный Алексей
Оппозиционер Навальный Алексей

Оппозиционеро Навальный Алексейс дуьххьара комментари йина, Росгвардин куьйгалхочо Золотов Виктора шех "отбивная" йийр ю ша аьлла, динчу дIахьедарна дуьхьал.

Москохарчу Симоновскан кIоштан кхелехь цунна дуьхьал даьккхинчу гIуллакхан административан протокол луьстучу заманчохь дIаязйина видео Iораяьккхина DW-н Твиттер-аккаунтехь.

"Суна Iаламат чIогIа лаьара цу видеога хьажа. Со маьршаваьккхинчул тIаьхьа, уггар а хьалха ас дендолчух ду иза – Золотовн видеога ладогIар", - аьлла политико.

Марсхьокху-беттан 25-чохь шен цIенна хьалха дIалецира Навальный, Дечкен-баттахь харжамхошна тIетовш акци хIоттийна аьлла, бехкевина. Чохь яккха бутт хан тоьхнера цунна. Оршотан Iуьйранна хан чекхъяьлла аравалийтина Навальный юха а дIалецира. Митинг дIахьочу хенахь, цуьнан биэндацаро адаминй могушаллина зен дина хилла аьлла, бехк кховдийна цуьнга хIинца.

Карарчу беттан 11-чу дийнахь Росгвардин куьйгалхочо Золотов Виктора дуэле кхайкхира Навальный Алексей, цо куьйгалла дечу Фондо ша лелийна хьарамлонаш гучуяьхча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG