ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пенсе воьду хан йолу стаг балхара дIаваккхахь гIуда тохар юкъадоккхур ду Думехь


Пенси баха пхи шо, я кхин а лахара хан йисина белхахой балхара дIабаьхна меттиг нислахь бехкзуламан гIуллакх дуьхьал доккхуш низам тIеэцна Оьрсийчоьнан Думано кхолгIачу ешарехь шинаридийнахь. 200 эзар сом гIуда, я 360 сахьтехь пачхьалкхна маьхза белхаш бар тIедожор ду низам дохийначунна, яздо ТАСС агенталло. Пачхьалкхан Думе и низаман проект кховдийна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.

Пенси воьду хан тIетоха дагахь дийцарш долийна и документ, депутаташа луьстур ду кхааридийнахь шолгIачу ешарехь.

Товбеца-беттан юккъерчу деношкахь Думано хьалхарчу ешарехь тIечIагIйира пенси воьду хан божарийн 65 шо кхаьчча, зударийн 63 шо дуьзча магош низаман проект.

Оьрсийчоьнан иттанашкахь гIаланашкахь протесташ йолийра бахархоша пенсин реформа бахьанехь, шаьш цунна реза ца хилар дIахоуьйтуш, ткъа статисташа дIакхайкхийра Путинан рейтинг охьаяларх.

Марсхьокху-беттан 29-чохь Путина телевизионехь бахархошка вистхуьлуш пенсин реформа кIадйира, пенси воьду хан зударшна 60 шо кхаьчча могуьйтуш.

ХIеттахь дIахьедира цо, пенси ваха хан герга кхочу стаг балхара вохавахь, бехкзуламан жоьпалла юкъадоккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG