ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политковская Анна дагалоцуш акци хIоттаяйта дуьхьал бу гIалин Iедалхой


Кировн Iедалхошца юха а барт ца хилла журналист Политковская Анна йийначу ГIадужу-беттан 7-чохь дагалецаман акци дIаяхьа. ГIалин мэрин гIишлонна уллохь барам хIотто Iалашо яра. Администрацин гIишло тоеш, белхаш бу болош, аьтто бац цу хьалха акци хIоттаяйта аьлла урхалхоша. "ОВД-Инфо" бакъонашларъяран портале бина и хаам акци вовшахтоха дагахь хиллачу Ананьин Вадима.

КIирандийнахь болош бу боху белхаш, акци ца хIоттаяйта бахьана ду аьлла хета жигархочунна. Стохка а иштта дуьхьало йинера цара, шайн цу дийнахь цхьа барам бу дIахьош аьлла. Политковская дааглоцуш пикет дIахьо элира цара, Кировна I3 чакхарма гена йолчу Коминтерн эвлахь. Бакъоларъярхо, журналист Политковская Анна гIараелира Оьрсийчоьанн Iедалх а, Нохчийчуьрчу хьолах а, къаьсттина адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх материалаш зорбане яхарца. 2006-чу шеран 7-чу дийнахь ша ехачу цIийнан лифт чохь тапча тоьхна йийра журналист.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG