ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инстаграм кхоьллинчара шаьш компани дIатосуш хиларх хаийтина


Инстаграм долахь хиллачу Систром Кевина а, Кригер Майка а шаьшиммо компани дIатосуш хиларх дIахаийтина. Фейсбукан куьйгалхочуьнца Цукерберг Маркца шайн юкъаметтигаш талхарх информаци яьржинчул тIаьхьа тIеэцна цара и сацам. The Guardian хьостано бина и хаам.

1 миллиард доллар мах а белла 2012-чу шарахь эцнера Фейсбуко Инстаграм сервис. ХIетахь дуьйна Систром а, Кригер а коьртачу директоран а, техникан говзанчийн а даржашкахь вара.

Фейсбукна шайца юкъарло лелорна баркалла а олуш, тIейогIучу хенахь ша а, шен коллегас а керла кхоллараллин проекташ юкъайохур ю аьлла инарла директоро Систрома.

Ткъа Цукерберга тIаьххьарчу 6 шерачохь шена "дуккха а хIума Iамийна" цушиммо аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG