ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ООН-ан Инарла Ассамблейхь вистхир ву Трамп


ООН-ан Инарла Ассамблейн сесси йолалуш ю тахана. 120 пачхьалкхийн лидерш а, кхиболу Iедалхой а бу цигахь дакъалоцуш. Хьалхарчу дийнахь уггар а сатийсамечех ду Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд вистхилар. Дийцарехь, цуьнан къамелехь уггар а коьртачех хир ю Къилба Корейн а, ГIажарийчоьнан а теманаш.

Стохка ООН-ан трибуни тIехь вистхуьлуш, Къилба Корейн президент Ын Ким Чен ша шен хIаллаквен политика лелош волу "жима ракетхо" ву аьллера Трампа.

Дахначу шерахь Къилба Корейн ракетан-зарратан программехь хийцамаш бина: Сингапурехь аьхка Трампца хиллачу цхьанакхетарехь зарратан герз ша лелор дац, полигонаш а вовшахйохур ю аьлла, дош деллера Ын Ким Чена.

ГIажарийчоьнца Iамеркан юкъаметтигаш кхи тIе а йоьхна. Вашингтоно сацамбина, ТехIеранца бинчу "заратан бертан" юкъара а яьлла, ГIажарийчоьнна санкцеш дуьхьал яха

ООН-ан Iамеркарчу векало Хейли Никкис дIахьедина, Iамеркан машарх, суверенитет ларъярх, шен юкъархошца йолчу юкъаметтигех а дуьйцур ду Трамапа аьлла. Цкъачунна къастаза дуьсу, Оьрсийчоь хьахор ю, я яц.

Трампа химин герзах дуьйцур ду, ишта юха а карладоккхур ду, Шеман президенто Асад Башара дIавше герз леладахь, Iамерко цунна дуьхьал дендерг.

Сессехь дакъалоцуш ву Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретарца Помпео Майкца цуьнан цхьанакхетар хила а тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG