ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а Нохчийчохь къаьркъа малар "дихкина"


Нохчийчохь цхьаъ бен йоцчу къаьркъа духкучу туьканахь юха а дозанаш тоьхна. Соьлжа-ГIаларчу "Лента" олучу гипермаркетчуьра араволлучохь ха деш полисхой бу, тIоьрмигаш чу а хьоьжуш, маларш схьадохуш, хаамбо "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденто. Информаци бакъйо Chechnya Telegram-канало а.

Цара дийцарехь, къаьркъа даьккхинчунна 10 эзар сом гIуда ду тухуш. "Кавказ.Реалии" порталан хьосташа хаамбарехь, хIинццалц туьканара арабовлурш ларбеш некъан полисхой хуьлура. ХIора а экспресс-тестах воккхура цара, вехна вуй зуьйш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG