ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Латта дIалуш куьйгашяздан тарло гIалгIайн, нохчийн куьйгалхоша


ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а куьйгалхоша тахана куьйгаш яздан тарло Сунженскан кIоштарчу лаьттан цхьа дакъа Соьлжа-ГIалана дIалуш. Де хьалха цунна дуьхьал бевллачу гIалгIайн жигархоша чIагIбо и хаам.

ГIалгIайн латта Нохчийчоьнна дIадала Iалашонна шаьш тIекхиаде аьлла, митинге бевллера 100-500 жигархо. Митинг хIотто бахьана хIоьттинера царна, "Кавказан узел" агенталло яздарехь, Сунженскан кIоштан куьйгалхочо Хашагульгов Iийсас шегара дарж охьадилларца.

Фейсбукерчу шен агIонехь Хашагульговс дIахьедира, шен лаамехь дIаваьлла ша балхара аьлла, ткъа жигархошна хетарехь, протест яр дара цуьнан дIавахар.

Карладоккху, карарчу беттан юьххьехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комисси кхоьллира, республикан дозанаш къастон.

ГIалгIайчоьнан Iедалша цхьана а кепара реакци йоцуш дитира и гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG