"Цхьаалин Оьрсийчоь" партин цIарах Петарбухахь депутат волчу Адхамов Бахтиярна тIелатар дина аьлла, шеконашца стаг лаьцна. 32 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла Муртазаев Апти ву лаьцнарг. КарабогIучу беттан 10-чу кхаччалц чохь вуьтур ву иза Калининскан кIоштан кхело "Кресты -2" олучу талламан изолятор чохь. Стаг вен Iалашонца кIелоян гIортарна аьлла, бехкзуламан гIуллакх долийна Муртазаевна дуьхьал.
2016-чу шеран бIаьста Васенкон урамехь мунициапалан депутат, лор, бизнесхо Адхамов Бахтияр вен гIоьртинера. Вевзашвоцчо борхIаза герз тоьхнера цунна тапчанца, цул тIаьхьа урс а тоьхнера.
Талламчийн версица, политикаца доьзна дацара дина тIелатар.