ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров "диктатор ву" алар ца тайна зорбан министрна


Мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, зорбан министр Умаров Джамбулат а
Мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, зорбан министр Умаров Джамбулат а

Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата ирландхойн латархочо МакГрегор Конора йоьдучу зорбан конференцехь мехкан куьйгалхо "нохчийн диктатор" ву аларх комментари йитина "Москоха дуьйцу" радиостанцица хиллачу интервьюхь.

"Цхьана а кепара тхан лидеран сий ца дойу цуьнан багах даьллачо. МакГрегор осала стаг ву, цуьнан цIе Кадыров Рамзанан цIарца цхьана яккхар - цунна доккха дозалла ду", - аьлла министро.

Ишта хьехна цо МакГрегорна, хьем ца беш, Кадыровга шена гечдар дехар. Умаровна хетарехь, психикаца лазар долуш ву спортхо.

Нурмагомедовца юкъахь хиллачу пресс-конференцехь, МакГрегора ша тIехсов амбицеш йолуш, эпатаже жугарг санна гайтира аьлла зорбан министро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG