ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стохка дуьйна лецна латточу Теркйистерчу кегийрхошна кхел кхайкхор ю


Стохка Дечкен-баттахь лецначу Теркйистерчу 9 жимчу стагна (Алимханов Аслан, Асхабов Джамбулат, Алиев Шемал, Дачаев Iийса, Гайрбеков Хьусайн, Гайрбеков СаIид, Китаев Мохьмад, Саралиев Ислам, Юсупов Артур) тIехь йолийна кхел ерза герга ю аьлла, хаам кхаьчна "Кавказ.Реалии" портале.

Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь латтош бара уьш юьхьанца дуьйна. Шаьш лахара хенаш бен тухур яц, нагахь журналисташка а, бакъонашларъярхошка а цхьана кепара информаци аш ца кхачаяхь аьлла хиллера Iедалхоша лецначийн гергарчаьрга.

Массарна а дуьхьал яьхна 208-гIа а, 222-гIа а артиклаш (зулам дан кечамбар; тIеман тоба вовшахтохар.

Кегийрхошна тIехь ницкъ а беш, тIелацийтинера бехкаш. КарабогIучу беттан 1-чу дийнахь кхелахоша бовзуьйтур бу шаьш лецначийн хьокъехь бина сацамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG