ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махкахошка собаре хила аьлла ГIалгIайчоьнан премьер-министро


Собаре хила, кхетамах ма доха, вовшашка болу тешам а ларбе аьлла, махкахошка кхайкхамбина ГIалгIайчоьнан премьер-министро Евлоев Зеламхас. Нохчийчоьнца дозанаш къастадарх лаьцна вистхиллера иза, яздо "ГIалгIайчоь" хьостано.

Евлоевна хетарехь, кху муьрехь уггар коьрта а, чолхе а долчух ду "чIагIо йолуш, нийсонца ГIалгIайчоьнан дозанаш билгалдахар".

Ишта цо тидаме эцна, "интернетехь вовшашкара бехкаш дохуш, агресси кхуьуш" хилар а.

"Ас доьху махкарчу бахархошка, кегийрхошка кху жоьпаллин хеначохь собаре а, кхетамчохь а хила аьлла, вовшех тешам а ца бойуш", - аьлла премьер-министро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG