ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЭрдохIан: урхаллехь Асад мел ву машарца доьрзур дац Шемара хьал


Туркойн президент ЭрдохIан Реджеп
Туркойн президент ЭрдохIан Реджеп

Шемарчу Идлиб провинцера уьдуш бу радикалан тобанхой, амма маьрша доьрзур дац цигара хьал, пачхьалкхан куьйгаллехь Асад Башар мел ву. Reuters агенталле дина цу кепара дIахьедар Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа.

Кхо миллион вахархо веха Идлибехь, шайлахь кхоалгIа дакъа - бераш а долуш. Де хьалха ООН-ан Инарла Ассамблейн сессехь вистхуьлуш ишта ЭрдохIана дIакхайкхийра, провинцина тIелатар юхадаккха аьтто хилла, Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а бертан дийцарх пайдабаларца.

Оьрсийчоьно гIо латточу Шеман президентан эскархоша кечдеш хиллера тIелатар. Юха а шен пачхьалкхе мухIажирш гIортарна саготта вара ЭрдохIан, ткъа дуьненан юкъаралло оцу регионехь химин герз лелоран кхерам лаьтта аьллера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG