ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъаралло лакхайоккхур ю шен машарбархойн эвсаралла


Гаити, архивера сурт.
Гаити, архивера сурт.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан 64 эскархо вийна 2018-чу шарахь

Хийцалучу а, чолхечу хьелашкахь болх бан дезаш хуьлу 100 эзар стагах лаьтта Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан машарбаран ницкъаш. Иза тидаме а эцна, 145 пачхьалкхо къобулйина цара дIахьош йолу операцеш мелла а кхиаме а, говза а хилийтар Iалашо йолу план, хаам бо "Iамеркан аз" зорбанан портало.

Цо яздарехь, цунах лаьцна дIахьедар дина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан инарлин секретаро Гутерриш Антониус, Нью-Йоркехь дIайоьдучу Инарлин Ассамблейн гурашкахь вовшахкхеттачу машарбарехула кхеташонехь.

Дуьххьара Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан машарбархой Гергарчу Малхбале хьовсийра 1948-чу шарахь. Церан декхар дара Израилна а, цуьнан лулахойн, Iаьрбийн пачхьалкхашна а юкъахь карийна маслаIат лардарна терго яр. Цу хенахь дуьйна "сийна касканаша" дакъалаьцна 70 цу кепарчу миссехь.

Амма конфликтийн чулацам а, кеп а хийцалуш ю хан дIа мел йоьду. Ткъа машарбархой дезаш хуьлу иза тидаме эца, шайна юкъара дараш лахдан а, шайн эвсаралла лакхаяккха а.

Гутерриша дийцарехь, машарбархойн кхачамбацарш дIадохуш болх болийна цара хIинцале а.

Дуьненаюкъара машарбархой хьалха санна мехала а, кхечу ницкъашца хийца аьтто боцу а гIирс бу, элира цу кхеташонехь дакъалоцучу Францин президенто Макрон Эммануэла. Делахь а уьш вовшахтухуш хиллачу кепехь церан бисар чекхдолуш ду аьлла хета цунна.

Макрона дийцарехь, ма дарра долу хьал тидаме а эцна, ойла ян еза хан тIекхаьчна, машарбархошка хIун далур ду а, хIун далур дац а къастош.

Кху дуьнентIехь керла конфликташ гучуйоьвлуш ю шо-шаре мел долу а. Машарбархой хьовсо оьшуш гIуллакх хуьлу ледара политикан хьал лаьттачу пачхьалкхашка. И бахьана долуш болх бан хала а хуьлу царна, еххачу хенахь уьш латто дезаш а хьулу цигахь дуьненаюкъаралла.

Цул сов, шаьш машарбархой хуьлу цу девнашкахь эшам хуьлурш. Иштта хIара шо доладелчхьана дерриг а конфликташкахь вийна 64 Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан эскархо.

Карарчу хенахь дуьненаюкъаралло 4 континентана тIехь дIахьош ю 14 мисси. И болх беш шарахь дойуш ду 7 миллиард доллар. ХIетте а царна тоьаш яц оьшуш йолу техника, масала беркеманаш, ткъа тайп-тайпанчу регионашкахь болу эскархой кечбар дац цхьатерра говзалла йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG