ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн а, Евкуровн а барт хилла дозанаш декъарехь


Шина махкана юкъахь административан дозанаш къастош бертан кехатна куьйгашяздина Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куйьгалхоша Магасехь. "Интерфакс" агенталло бина и хаам.

Документца а догIуш, шина регионо хийцина Теркйистан а, Малгобекан а кIошташкара тIехь нах бехаш боцу латтанаш.

Нохчийчоьнна дIаделла Теркйист кIоштан дакъа а, лаьмнийн, хьаннийн майданийн метиг а. Ткъа ГIалгIайчоьнан долахь йитина Малгобекан кIоштара цунах терра территори.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG