ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь полисхойн рейдаш йолийна


Нохчийчоьнан коьрта шахьаран 200 шо кхачар даздар герга кхочуш полисхойн рейдаш йолийна гIалахь. ХIусамашкахула чекхбуьйлуш, талламаш болийна ницкъахоша. "Кавказ.Реалии" портале хаамбина масийтта вахархочо, даздарш дIахьочу дийнахь чуьра арадовлар дихкина шайна аьлла.

КарабогIучу беттан 5-чохь билгалдоккхуш ду Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачар. И терахь цхьана нисло мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан винчу денца. Цу деношкахь баккхий самукъане барамаш хIитто Iалашо ю Iедалхойн.

Кхерамзалла ларъярхьама тIеоьзна полисхой. Дуккха а шахьаран майданаш битаме ялош белхаш бу беш. Дийнахь а, буса а некъан полисхоша ха ду латтош цу меттигашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG