ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къарвала дагахь вац Сенцов


Оьрсийчоьнан набахтехь мацалла кхайкхийна 138-гIа де долчу Украинан режиссеро Сенцов Олега бакъонашларъярхочуьнга Светова Зое кехат дахьийтина, шегахь оццул доьналла хир дуйла ца хаьара шена, кхин дIа а къарвала дагахь вац ша аьлла. Фейсбукерчу шен пена тIехь зорбане даьккхина Световас шинаридийнахь Сенцовс шега кхачийначу кехатан текст.

Украинхойн режиссеро баркалла боху шена а, кхиболчу политикан тутмакхашна а са мел гатдечунна. "Кху гIуллакхан йист ялар беркате хир ду аьлла, тешна ву со. Гуттар ма ца лаьтта цхьа хIума, ур-атталла вониг а!", - яздина Сенцовс.

Оьрсийчохь набахтехь даккха 20 шо хан тоьхна украинхойн режиссерна, аннекси йинчу ГIирмехь теракташ дан кечамбеш хилла аьлла, бехкевина. Бехк тIе ца буьту Сенцовс.

Стигалкъекъа-беттан 14-чохь дуьйнна мацаллин протест кхайкхина цо, Оьрсийчоьнан набахтешкара Украинера политикан тутмакхаш маьршабахар тIедожош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG