ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш кхи тIе а чIагIъяр дехна Порошенкос


Лецнарш хийцарх шаьш кхийдо некъаш тергамза дуьту Оьрсийчоьно аьлла, дIахьедина Украинан президенто Порошенко Петрос, ООН-ан Инарла Ассамблейн сессехь вистхуьлуш. Ишта президенто дийцина, Донбассерчу сепаратисташна Москоха гIо латторах а, аннекси йинчу ГIирмехь украинхошна тIаьхьабевлла леларх а. Цул совнах, Порошенкос кхайкхамбина, Азовн хIорданера хьал бахьана долуш, Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш кхи тIе а чIагIъяре.

Украинан порташка лела кхечу пачхьалкхашкара кеманаш сецадо Оьрсийчоьно, Порошенкос бахарехь. Украинан а, Оьрсийчоьнан а бина барт бу, Азовн хIорд шина пачхьалкхан юкъара бу аьлла. Украинхойн а, оьрсийн а дозанхойн бакъо ю кхечу пачхьалкхашкара чудогIучу хIордкеманашна талламаш бан. И барт бохон Iалашонца, Украинан Лакхарчу Радан депутаташа хаттар айдира кху аьхка.

Украинан инфрастурктуран министарллан зерашца, бIаьста дуьйнна Азовн хIорда тIехула доьду 100 сов кема теллина оьрсийн дозанхоша. Уьш дерриш а Украинан порташка доьлхуш хиллера.

Кху шеран Зазадоккхучу - баттахь кхи тIе а телхина Киевн, Москохан юкъаметтигаш. ХIетахь украинхойн дозанхоша сацийнера оьрсийн "Норд" цIе йолу кема. Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмера арадолуш низамаш дохийнера оцу кемано аьлла, дIахьединера хIетахь Киево.

Азовн хIорда тIехь шаьш питанаш лелош хилар тIе ца дитинера Кремло. Ишта харцдо цара Украинан Малхбалерчу конфликтехь шаьш дакъалоцуш хилар а. ГIирмана аннекси яр историн нийсо юхаметтахIоттор лору Москоха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG