ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн парламентан спикер хийцина


ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун администрацин урхаллехь лаьттина Яндиев Мохьмад мехкан парламентан спикер хаьржина аьлла, зорбане даьккхина "Интерфакс" агенталло.

Хьалхо "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъан делегаташа хенал хьалха дIаяьхьначу конференцехь хьалхатеттинера Яндиевн кандидатура. 106 делегатах 60 кхаж теснера цунна.

Кху деношкахь ГIалгIайчоьнан премьр-министр лаьттина Евлоев Зеламха вара хIинццал парламентан спикеран даржехь.

58 шо ду Яндиевн, шина беран да ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG