ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къевлинчу рожехь довхаттар долийна Титиевн


Тахана, еаридийнахь Шела кIоштан кхелехь къевлинчу неIаршкахь йолош ю бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан гIуллакхан хьокъехь кхеташо. Кху беттан 20-чохь кхи дIа довхаттар къевлинчу рожехь дIадахьа деза аьлла, прокуроро чукховдийна документ тIечIагIдира суьдхочо Зайнетдинова Мадинас. Къевлинчу неIаршкахь хIинцале а хеттарш дина кхаа теше. Верриг левинарг ву 60 теш.

Кху шеран Дечкен-баттахь дуьйнна лаьцна латтош ву Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" декъан куьйгалхо Титиев Аюб. Иза бехкево, баккхийчу барамашкахь марихуна яьккхина цуьнан машенчуьра аьлла. Бакъонашларъярхочо а, цуьнан белхан накъосташа а, гергарчара а бакъво Титиев, цунна дуьхьалдаькхина гIуллакх политикан бух болуш лору цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG