ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пенси воьду хан тIетухуш низам тIеийци


Еаридийнахь Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думано кхолгIачу тIаьххьарчу ешарехь а тIеийци Оьрсийчохь пенси воьду хан тIетоха магон низаман проект. Де хьалха чекхъяьккхира иза шолгIачу ешарехь. ХIетахь депутаташ тIетайра президенто Путин Владимира бинчу хийцамна а. Цуьнца а догIуш, 60 шо кхаьчначу зударийн бакъо хир ю пенси баха, ткъа божарийн 65 шо дуьзначул тIаьхьа.

ТIейогIучу заманчохь Федерацин Кхеташоно а, Оьрсийчоьнан президенто а куьйгаш яздан дезар ду оцу низамна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG