ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нуьцкъаша цирке даха билеташ тIеэгийна хьехархошна


Соьлжа-ГIаларчу школашкарчу хьехархоша латкъамбина дешархошна лерина цирке масийтта билеташ эцар тIедожийна шайна аьлла. Берийн дайша, наноша дийцарехь, цу кепара харжаш яр кест-кеста нисло шайн аьлла.

"Масех де хьалха декхаре дина тхо цирке билеташ эца. Цхьана билетан мах – 600 сом бу. ХIора классан цIарах кхоккха билет тIедожийна тхуна, и хуьлу 1800 сом. Классан куьйгалхочун декхар ду и. Тхан алапашца дуьстича доккха зен ду и. Цундела дайшка, наношка орца деха декхарийлахь дуьсу тхо", - аьлла "Кавказан узел" агенталле ПетIмат цIе йолчу цхьана школан хьехархочо.

Ши класс лелочу Мадинин дезна шен кисанара 3.600 дIа а делла ялх билет схьаэца. "Цирке цхьа а гIур ву я вац, хоьттуш а дац. Коьртаниг доллу билет дIадохкар. Лакхара схьа ду дерриг а", - аьллла гIаларчу цхьана департаментан белхахочо Хьасана.

Хьехархошна цирке билеташ тIеэгорах яьржинчу информацех комментари ца йина дешаран, Iилман министраллехь, яздо "Кавказан узел" хьостано.

Дешаран шо долалучу муьрехь берийн дайша, наноша арздира, школе кхоьхьу гIирсан мехаш дазделла, цу тIе киншкаш эцар а тIедожийна шайна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG